Текст песни
Ма хала стаг ю хьо
Ма юхъхьаяьлла хьо
Ас хьайга мел дуьйцург
Ца хезаш лаьтта хьо
Цкъа мукъне схьахьажа
Оьгlазло дlаяккха
Вовшашна делалой
Самукъне лела вай?
Хьан дагахь хlун ду те
Сан дагна ца хууш
Сирлачу хьан юьхь тlе
Хьан тийси lиндагlаш?
Цкъа мукъне схьахьажа
Оьгlазло дlаяккха
Вовшашна делалой
Самукъне лела вай?
Бlаьстенан довха де
Вайшинна ма шелде
Гергара ойланаш
Вовшашца ма херъе!
Цкъа мукъне схьахьажа
Оьгlазло дlаяккха
Вовшашна делалой
Самукъне лела вай?
Цкъа мукъне схьахьажа
Оьгlазло дlаяккха
Вовшашна делалой
Самукъне лела вай?