Перейти к содержимому
Обложка трека Хьо марша 1ойла — Болат Осмаев
4:14

Трек

Болат Осмаев Хьо марша 1ойла

Сингл · 2022 · Этническая

Скачать

Текст песни

Диц ма де, хьо хир ю, сан дега эла
Со воьду, валлалц хьо йоччахь лела.
Хьай делахь, дог хьостуш,
тӏаьххьара дош ала...
Вай вовше, кхи гур дац, хьо марша ӏойла.
Бешара мох тийна, декаш ду хьоза,
Хастам беш, йиллинчу хенахь хьо ярна.
Стиглара седарчи нур ӏенош кхоза.
Вайшинна айкхдовлахь, эхь деца царна?

Буьйсанна серло лун, бетта са санна
Хьо яр-кха сан серло, массо а ханна.
Сан дега бетта са, ца кхета доьгӏнехь,
Са йоьхна дог-ойла хуур-те хьанна?
Дешийца хи доккхуш говзачу пхьеро
Детийтӏаьхь диллийна хьа сурт а санна
Сан дагтӏаьхь йазйина хьоме цӏе хир ю
Дуьненчохь ас яккха йисанчу ханна.

Цкъа йоьлхуш хьоменаг, хьо коше яьлла
Хьа бӏаьр-хи доьжначохь, цӏе зезаг даьлла.
Лахьтичохь велар со, барз а шарбелла
Хьуна вицлур воцуш, нахан вицвелла.
Диц ма де, хьо хир ю сан дега эла.
Со воьду валлалца хьо йоцчахь лела
Хьай делахь, дог хьостуш,
тӏаьххьара дош ала...
Вай вовше кхи гур дац, хьо марша ӏойла.

Комментировать

0:00 0:00