Текст песни
Хьо дукха везарна бехк суна ма билла
Хьо сайна вовзарах сан дагна кхаъ хилла
Хьан безам
Ца тарло сан кийра!
Со-м хьан хазчу бӀаьргаша Ӏехийна лела
Лууш яц со хьо воцчунна дог дала
Цкъа а сирла бӀаьрг ца боккхуш, сан хьоменаг, хьуна тӀера
Хьоьжур со яра хьоьга.
Хьоьца бен со ирсе хир яц, тешалахь
Сан дог хьайха хьегош хьо ма лелалахь
Оццул дагна везаш къастийна хьо хилча
Кхеталахь хьо сан дагах!
Вайша цхьаьна тоха некъаш ахь лехалахь
Ахь сан бӀаьргийн йоза дикка дешалахь
Дахар суна хаздеш соьца ирсе вахалахь
Дагна дукха везнариг!
Ца хаьа, хьо воцуш, со муха ехар ю
Хьо воцу кӀайн дуьне ас муха дуур ду
Хьоменаг
Хьоьх доьзна сан ирс ду.
Мерзачу хьан безамо дог дуьзна лела
Кху дуьнена меха хьо хиларна
Цхьа а вац сайн дагар дийца
Хьо бен вац кхи сан дог эца,
Ирсе ю со хьоьца!