Текст песни
Б1есте ера ю - дуьне хазлур ду Стигала кхийдаш, делалур ду лаьмнаш Дуьне хаз дан ас х1у дуьтур ду Сайна т1ёхул т1аьххьар лесташ генаш. Бода чиехош 1уьйре йог1ур ю Стигала дарье ц1эрца серла доккхуш Адмий дагчоьхь ас х1у дуьтур ду Дийначара т1аьххьар сай ц1е йоькхуш. Ас делхийна иллеш хьолхур ду Са къиношна Деле гечдар доьхуш Ас адмашна вуониг гечдийр ду Со везначий хьомсар б1аргаш лоьхуш. Лаьмнаш дузош дог1а доьлхур ду Дуьне мадду хаза ялташ хьекъаш Ас адмашна иллеш дуьтур ду Сайна т1ёхул т1яьххьар стигал екаш. Б1аьсте ера ю - дуьне хазлур ду Стигала кхийдаш делалур ду лаьмнаш Дуьне хаз дан ас х1у дуьтур ду Сайна т1ехул т1аьххьар лесташ генаш.