Обложка трека Схьа кхетта седа, сан сирла седа — AltVaynakh, Чеченские песни
4:31

AltVaynakh, Чеченские песни Схьа кхетта седа, сан сирла седа

Сингл · 2026

Скачать

Текст песни

1аьржачу б1аьрге хин т1адмаш эгош
(хин т1адмаш эгош, хин т1адмаш эгош)
Х1унда ю те хьо г1айг1ане йоьжна
(г1айг1ане йоьжна, г1айг1ане йоьжна)
Генарчу махкар хьо йолче вог1уш
Ехьей!
Ахь делла дош т1ехь юй те хьо тахна
Генарчу махкар хьо йолче вог1уш
Ехьей!
Ахь делла дош т1ехь юй те хьо тахна

Цу бехач новкъахь хабарш ца хьехош
(хабарш ца хьехош, хабарш ца хьехош)
Хьох марзо эца со юртахь воцуш
(со юртахь воцуш, со юртахь воцуш)
Со б1аьрзи хьйизаш, йа забарш чехош
Ехьей!
Со нахал осал хитийти хьуна
Со б1аьрзи хьйизаш, йа забарш чехош
Ехьей!
Со нахал осал хитийти хьуна

Схьакхетта Седа, сан хьоме Седа
(сан хьоме Седа, сан хьоме Седа)
Чубузу Седа, сан сирла Седа
(сан сирла Седа, сан сирла Седа)
Ас доьху хьоьга сан хьоме Иман
Ехьей!
Цхьан хазчу сарахь д1айола соьца
Ас доьху хьоьга сан хьоме Иман
Ехьей!
Цхьан хазчу сарахь д1айола соьца

Бахана безамаш
Баханза белара
Юкъера марзонаш
Хиланза елара
Аваяхь т1ам бетта
Олхазар ва санна
Со вера ву тей ша
Хьуна го тийсина
Аваяхь т1ам бетта
Олхазар ва санна
Со вера ву тей ша
Хьуна го тийсина
Аваяхь т1ам бетта
Олхазар ва санна
Со вера ву тей ша
Хьуна го тийсина

0:00 0:00