Текст песни
Хьан хазалло, хьан г1иллакхо
Сан ойла стигла йаьхьна д1а
Х1ун бехк бу сан, хьо йеза суна
Доьху вайша ирсе дахийта
Сан дахар ахь ирсе дина
Баркалла хьуна, хьоме йезар сан
Хьайн исбаьхьа хазаллийца
Дуьне ахьа суна сирла къагийна
Хьоьга сатийса к1адвелла
Доьху, хьо суна орцах йалахьа
Даггара ч1аг1о ас йина
Йуьгур йу сайна, хьоме йезар сан
Дуьне суна ахь хийцина
Хьайн хазаллица со тилийна
Шовда санна хьан ц1ена амат
Хаза кхоьллина хьо вайн Дала!