Текст песни
Синкъераме гулделла 1а
генара хьеший баьхкина схьа
Хаза хьаша соьга хьоьжу
Шена еза пурба доьху
Бехк ма билла, генара хьаша
Хьан сий-лерам Дала бойла
Жимчу даго шена хаьржинарг
схьакхачаре ладоьг1уш ю
Жимчу даго шена хаьржинарг
схьакхачаре ладоьг1уш ю
Вайна буьйса мел 1аьржа йу
Арара дарц мел чехка ду
Ахь ладоьг1ург мел генахь ву
Лекхчу ломахь жимчу йуьртахь
Ахь ладоьг1ург мел генахь ву
Лекхчу ломахь жимчу йуьртахь
Деттачу дарцо дин йухтуьйсуш
Хьоькхучу мохо башлакх ловзош
Шелделла куьйгаш 1аьнре луьцуш
вог1ур ма ву дагна везнарг
Шелделла куьйгаш 1аьнре луьцуш
вог1ур ма ву дагна везнарг
Шелделла куьйгаш 1аьнре луьцуш
вог1ур ма ву дагна везнарг
Шелделла куьйгаш 1аьнре луьцуш
веъна кхечи дагна везнарг